Презентация по чеченской литературе на тему "Ло дог1уш"
- Рубрика: Презентации / Другие презентации
- Просмотров: 194
Презентация "Презентация по чеченской литературе на тему "Ло дог1уш"" онлайн бесплатно на сайте электронных школьных учебников edulib.ru
Тема: Стихотворени «Лодогlуш». Эдилов Х.Э.
Iалашо: 1. стихотворени йовзийтар
2. lаламе болу безам чlагlбар
3. къастош еша lамор
Урок дlаяхьар.
I Организационни момент.
II Цlахь бина болх таллар.
а) М. Мамакаевн стихотворении « Даймохк» къастош ешар;
аь) ц1ахь язъя елла сочиненеш дешархоша ешар;
III Керла тема: «Ло дог1уш» Х.Эдилов
а) Эдилов Хасмохьмад Эдиловичан кхолларалах лаьцна хьехархочо дийцар.
Эдилов Хасмохьмад вина 1922 шарахь (1991) Валаргт1ехь ахархочун доьзалехь. Юьхьанцара дешар ц1ахь 1амийна цо. 1936 шарахь Серноводскерчу педучилище деша а вахна, иза чекхъяьккхина Эдилов Хасмохьмада. Цигара ваьлча, 1939 шарахь Нохч-Г1алг1айн АССР-н Халкъан дешаран комисса- риатехь йиллинчу политпросвет школе вахна иза. Дешарца цхьаьна школийн инспекторан болх а бо цо. Цигахь дешна велира 1941 шарахь. Цул т1аьхьа Эдиловс белхаш бо Республикански халкъан кхоллараллин ц1ийнан инструктор волуш а, Ачхой-Мартанехь суьдан исполнителан даржехь а. Кхид1а деша цкъачунна таро ца хилира. Дуккха а т1аьхьа чекхъяьккхина Эдилов Хасмохьмада Нохч-Г1алг1айн педагогически институтан историко- филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени.
Нохчийн халкъан барта кхолларалле ч1ог1а шовкъ йолуш вара хинволу яздархо.
Эдилов Хасмохьмад яздан волавелла 1937 шарахь, Серноводски педучилищехь доьшуш волчу хенахь. Дуьххьара цуьнан стихотворени зорбатуьйхира 1941 шарахь.
Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом болабелча, Нохчийчоьнан яздархоша арахийцира «Фашисташна дуьхьал стихаш» ц1е йолу книга. Оцу книги т1ехь кхечу поэтийн стихотворенешца цхьаьна зорба тоьхна яра Эдилов
аь) дешнашца болх (слайд 4)
басе- склон горы
беснеш- щеки
гиччош - вески
Дешнашца болх
басе- склон горы
беснеш- щеки
гиччош - вески
Вовшах хотта кицанаш :
Аьхка - мало, 1аьнан бутт кхобу
Аьхкенан дийно, 1ай - ворда.
Аьхка кечъе салазаш, Iай - хало.
Х1етал-металш:
Хиш лаьттинчохь – буто ша,
Гуьйре елхош йог1у хан? (1а)
Аьхка а, 1ай а цхьабасара? (Елка)
Т1ома хьийза хьозарчий дац,
Шийла хуьлу, амма буто ша бац. (лайн чимаш)
IV Тlечlагlдар.
гl) дешархоша стихотворени «Ло дог1уш» къастош ешар
VI Физминутка.
VII Видеоролик гайтар.
IX Кийсакаш ешар :
1.Муха ду боху поэто ло?
2.Стен гойту берийн самукъадаьлла хилар?
3. Х1окху стихотворених пайда а оьцуш, х1ун сурт дуьллур дара ахьа?
4. Муха кхета шу т1аьххьарра мог1анех?
X Цlахь: стихотворени дагахь 1амо
Жамl дар. Оценкаш ехкар.