Ненан маттаца доьзна долу хаттарийн а, жоьпийн а ловзар.
- Рубрика: Презентации / Другие презентации
- Просмотров: 120
Презентация "Ненан маттаца доьзна долу хаттарийн а, жоьпийн а ловзар." онлайн бесплатно на сайте электронных школьных учебников edulib.ru
«Шен ненан мотт халкъо сий ойбуш 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц»
(М.Мамакаев)
Шен мотт ца хуу стаг даима а юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къамнашна хьалха а.
Цунна хуур дац цо ма-бохху ойла ян а, цо ма-хьеххара ваха а. Иштта стаг –иза яхь йоцуш, и стаг ледар хилар ду. Иштта ца хила, вовшашца йохье а хуьлуш, 1амо беза вайн дайша, наноша, хьост санна ларбеш, ц1ена латтийна вешан «Ненан мотт».
Ненан мотт ца хилча шен халкъан амалх сина кхачам болуш кхетийла дац. «Нохчийн» бохучу цхьаьна дашца дозаделла ду нохчийн ц1арца доьзна долу массо а х1ума.
Цу массо а х1уманан коьрта берг мотт бу. Х1унда аьлча цу маттаца кхиош ду г1иллакхаш, эхь –бехк, оьздангалла. Еш йолу ойла оцу матто кхион езаш ю.